Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цІа долчохь йолчу гІопан кевнаш а, гІалин пен а, со чохь Іийр волу цІа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хІума суна делира. Къилбаседера гІатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тІе берза, тІаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогІийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо. Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагІар мелира ас. Яалаш, доттагІий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш! БІарийн беша чувоьссира со тогІи чуьра соьналле бІаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа.
Выбор основного перевода