Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЧагІаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагІар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар. ХІунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хІун боху, тІаккха цара Іазапехь болчарна тІехь нийса кхел а йийр яц. Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дІало. ТІаккха, и чагІар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а. Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТІаккха со кхийтира, иза а, махана Іуналла дан гІертар санна, хІума дуйла. Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагІаро а – иза шира я керла даьккхина делахь а – сан халкъан кхетам дІа ма оьцу!»
Выбор основного перевода