Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Шена а цІа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо. Иштта «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолу паччахьан цІа дайтира Сулим-паччахьо. Оцу цІийнан гІишлойн яхалла бІе дол, шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол яра. Цо цІа дира баганан дечигах беа могІарехь дІахІиттийначу бІогІамашна тІехь. Ткъа цу бІогІамашна тІехула дехкира баганан диттийн дечигах долу тІеш. Шовзткъе пхеа баганан диттан бІогІамашна тІе пхийтта тІай диллира моггІара, оццу диттан дечигах тхов тиллира. Дуьхь-дуьхьал болчу шина пенна тІера кораш кхаа могІарехь дара. Иштта цхьана пенан хІора кор вукху пенах долчу корана дуьхьал дара. Ерриг неІарш, неІарийн гураш еакІов дара, ткъа кор корана дуьхьал дара кхаа могІарехь. Цо бІогІамех уче тІейира, яхалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе итт дол а йолуш. Ткъа цунна хьалха бІогІамашна тІехь лаба а, неІсагІа а дира. Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гІант дара хІоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хІунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цІенкъа а баганан диттан аннех яра. Сулим-паччахьан ша Іаш волу цІа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цІенна тІехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цІа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирІунан йоІана а. И массо а гІишлош дезачу тІулгех йина яра. ТІулгаш, шина а агІор херхаца хеда а дина, шайн-шайн барамашкахь нисдина дара. Уьш бух тІера дуьйна тхов тІе кхаччалц а, арахьара дуьйна йоккхачу керта чу кхаччалц а дехкина дара. ГІишлойн бух буттуш, деза а, даккхий а тІулгаш дехкинера. Цхьадерш итт дол шуьйра дара, вуьш – бархІ дол шуьйра дара. ТІехула а дара нийсса хьаькхна а, шайн-шайн барамехь а долу тІулгаш. Иштта баганан дечиган тІеш а дара дехкина. Хьаькхна нисдинчу тІулгех кхо могІа а, баганан дечигах бина цхьа могІа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цІийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт. Кемсийн бошмашна тІехь урхалла дора Рама-гІаларчу ШамаІис. ЧагІаран чІоьнашкахь дІадехкинчу сурсаташна тІехь урхалла дора шипамхочо Завадис. ХІетахь пен санна, шера яра со, амма хІинца сан накхош бІаьвнаш санна ду. Цундела цуьнан бІаьргашкахь сох хІинца кхиъна яьлларг хилира. БаІал ХІамунехь кемсийн беш яра Сулим-паччахьан. Беш лелочу нахе иза дІаелира паччахьо. ХІораммо цхьа эзар дато ахча дала дезара ша гулбинчу стоьмех.
Выбор основного перевода