Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хІумма а доцийла. Кхечу дешнашца аьлча, хІора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгІаташ ду. Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гІадвахарал гІоле долуш кхин хІумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хІунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тІаьхьа цунах хиндерг. Хьажал со кхеттачуьнга: Дала шайна яккха еллачу йоццачу дахаран заманахь адамашна и хан юушший, молушший, ша стигална кІел бечу халачу балхах там хуьлушший яккхар гІолехь ду. Иза цунна Дала делла дакъа ду. Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тІаккха иза Делера совгІат санна ду цунна. Иштта, стагана шен дахаран хенах ойланаш ян хан а тоьар яц, хІунда аьлча Дала цуьнан дагна там бо. Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кІел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кІел деллачу дахарехь, ша бечу балха тІехь цу гІуллакхаша иза новкъа воккхур ву. Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагІар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гІуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна.
Выбор основного перевода