Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЛутІа дІалаьцна ву аьлла хезча, шен хІусамехь кхиъна волу кхо бІе берхІитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гІали тІекхаччалц мостагІа эккхийна вахара Ибрам. Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тІехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс. ТогІешна чохь дажош долчу хьайбанашна тІехь урхалла дора Іадлайн кІанта Шаптис. Эмкалшна тІехь урхалла дора исмаьІалхо волчу Овбила. Варрашна тІехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхІус. Жашна тІехь урхалла дора хІагирхо волчу Язиза. И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тІехь урхалхой бара.
Выбор основного перевода