Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Билггал, адам гІаларт санна лела-кх. Эрна хІума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. ХІоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тІаьхьенна буьту. ТІаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гІуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Стигална кІел цу гІуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац. Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тІе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хІума ду. Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яІ, хьекъалениг а дІакхелха, сонтаниг санна!
Выбор основного перевода