Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тІаьхьенна буьту. Къуббанаш ду церан цІенош гуттаренна а, и хІусамаш тІаьхьенашкара тІаьхьенашна юьсур ю церан. Цара шайн мехкашна шайн цІераш тохку. Хьекъал долчу стага шен бІаьргаш хьекъалалле берзабо, ткъа сонтачун бІаьргаш маьІ-маьІІе хьоьжуш хуьлу. ХІора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цІеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг. Стигална кІел хуьлучу гІуллакхашна юкъахь хІара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тІаьхьа уьш а беллачарна тІаьххье дІабоьлху. Кхин а суна гира стигална кІел долу иштта хІуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тІамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хІораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.
Выбор основного перевода