Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кипа волчу Іийса веача, Цунна гира, хІусамден стуннана, чІогІа дāгар а долуш, цомгуш Іуьллуш. чІогІа дехар дан хІоьттира: «Сан йоІ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тІе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш. Дала ПахІалан куьйгашца инзаре хІуманаш дора. Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Іийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доІа дан деза цунна тІехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похІма ло. Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо.
Выбор основного перевода