Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тІехула нийсо тІейоуьйту малх гІоттур бу, цуьнан зІаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. НатунаІил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тІехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тІехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кІант Іийса, Ша Назарт-гІалара схьаваьлла волу». Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала. ПахІала жуьгтийн гуламан цІийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гІерташ. Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цІа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац. Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду».
Выбор основного перевода