Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а, массо а халкъашна Хьоьгара долу кІелхьардовлар довзийтархьама а. Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьІІера болчу нахана дІагина вайн Дала Шен халкъ кІелхьардаккхар. Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хІунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза». Цара Іийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хІаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тІелоцуьйтур ю, шена догІуш долу дакъа, хан тІекхаьчча, схьалун долчаьрга». Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дІалур ду. Массарна а гур ду Дала адамаш кІелхьардахар!“» ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. И тІедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьІІе кІелхьардовлар кхачийта“». Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кІелхьарвоккхур ву хьо. Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кІелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагІ хилийтархьама.
Выбор основного перевода