Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш мацалло гІелбийр бу, хІаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а. Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн дІовш а тухур ду царна. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла. Іийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна? Шуна моьтту хир ду, Шилонан бІов тІе а йоьжна, велла волу берхІитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара?
Выбор основного перевода