Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гІаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таІзар дан нах схьабало. Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тІаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гІуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела.
Выбор основного перевода