Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь тхо ЦІадан-гІалахь охьадевлира кеманна тІера. Юлай ПахІале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тІехь гІо дийр долу накъостий болчу ваха. Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со. Цундела суна оцу меттан маьІна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна. Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса. Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву. Хьаша тІеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тІе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш.
Выбор основного перевода