Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара». Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“ Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама». Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.
Выбор основного перевода