Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“». Амма жуьгташа, Далла гІуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гІалара хьалхара нах а хьала а гІовттийна, ПахІал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира. ТІаккха тІеман коьрта хьаькам цунна тІевахара. ПахІал схьа а лацийтина, иза шина зІенаца дІавехка аьлла, омра дира цо. ПахІале иза мила ву, цуьнгара хІун даьлла аьлла, хаьттира цо. Я Делан цІийнехь а, я жуьгтийн гуламан цІеношкахь а, я гІали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина. Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо. ПахІала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цІенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», – бохуш.
Выбор основного перевода