Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргІат лелара Ярушалаймехь, Іийсан цІарах майрра хьехам а беш. Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цІа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац. Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Іийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дІакхайкхабайта алий. Хаза кхаъ кхайкхорхьама тІеэцна ас хІара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.
Выбор основного перевода