Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле сатийса. Доьналла долуш а хила, хьайн дог а чІагІде. Везачу Эле сатийса. Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. Сайн доІанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, хІунда аьлча суна чІогІа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чІагІдархьама а. И бохург хІара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахІиттор ду: сан тешаро шу иракарахІиттор ду, ткъа шун тешаро – со.
Выбор основного перевода