Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хІорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан. ХІинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна. Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гІуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. «Хьесапе дац, атта я хала ду иза, – жоп делира ПахІала, – амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Іаш, массо а тахана соьга ладугІушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гІоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш». Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Іийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дІакхайкхабайта алий. Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тІехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тІеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза.
Выбор основного перевода