Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тІе дІабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе. Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чІагІо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дІабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла, Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Ткъа церан паччахьалла чекхдолуш, уьш кхоччуш къинош латийна бевллачу хенахь, эхь доцу, тешнабехк барехь корматалла шегахь йолу цхьа паччахь дІахІуттур ву. Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дІахІоттийча, и мохк хІаллакбар цуьнан карахь хир ду. ТІаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хІаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Іамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац.
Выбор основного перевода