Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Со доІа дина валаза а волуш, суьйренан сагІа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хІуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тІемадаьлла, сихха схьадеара. Цул тІаьхьа со, Даниал, дІахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хІокху йистехь, важа – вукху йистехь. Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тІехь лаьтташ волчу стаге хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. Элисат доьзалхочух йолу ялхалгІа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цІе йолчу гІала
Выбор основного перевода