Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
КхидІа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тІе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маІа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дІабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кІелхьарбаккхалур волуш. ТІаккха цхьа турпал паччахь гучувер ву. Шена луъург а деш, боккхачу ницкъаца олалла дийр ду цо. Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дІахІоттийча, и мохк хІаллакбар цуьнан карахь хир ду. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду.
Выбор основного перевода