Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. Иштта дара суна хІоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт. Сайна иза гича, голаш тІе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаІийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХьалахІотта хьайн когаш тІе, Со хьоьга вистхила воллу». ТІаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Іада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тІехь Іуьллура со. Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цІанбархьама, кІайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тІекхаччалц, хІунда аьлча билгалъяьккхина хан хІинца а хир йолуш ю. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза. Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду». «ДІавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухІар а тоьхна, дІакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. – Иза гина Закри чІогІа кхеравелира. Дерригенан а чаккхе тІекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тІаккха шуьга доІанаш далур ду. Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а.
Выбор основного перевода