Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хІинца кхуза веана». Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьІна, ЮшаІа элира: «Шен лай волчуьнга хІун эр ду сан эло?» ХІора дийнахь Везачу Элана лерина долчу дийнаташ дагоран сагІина хІора Іуьйранна шо кхаьчна болу тІехь сакхт доцу цхьацца Іахар бан беза ахьа. Цуьнца цхьаьна хІора Іуьйранна цхьацца сахь кІа а, иштта хІинан кхоалгІа дакъа зайтдаьтта а дан деза, цуьнца дама хьакхорхьама. Иштта ду кІен сагІанах лаьцна массо а ханна тІедиллинарг. Цуьнан эскархоша Делан цІа а, керт а бехйийр ю. ХІора дийнахь сагІа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хІума а дІахІоттор ю цо, цунна Іибадат а дойтуш. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. Шен ден деланаш цунна дагабогІур бац. Цо лорур вац зударша лоруш волу дела а, я муьлхха а кхиволу дела а, ша массарел а лакхавоккхур волу дела. СагІа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хІума дІахІоттийначул тІаьхьа цхьа эзар ши бІе дезткъе итт де дер ду.
Выбор основного перевода