Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Со вижначохь сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гІарол-малик стигалшкара охьадуссуш. Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гІарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дІахададе, хІаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цІестан а буржалшца дІа а къовлий, иза тІунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхІ зама цунна тІехула чекхъяллалц’, – бохург, Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гІала меттахІотторах лаьцна даьлла омрана тІера Дала къобалвинчу баьччанна тІе кхачале, ворхІазза ворхІ-ворхІ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхІ-ворхІ хан-зама а ер ю. ТІаккха меттахІоттор ю и гІала шен урамашца а, чІагІонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». Цуьнан эскархоша Делан цІа а, керт а бехйийр ю. ХІора дийнахь сагІа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хІума а дІахІоттор ю цо, цунна Іибадат а дойтуш. Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тІехь лаьтташ волчу стаге хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла. Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» – аьлла.
Выбор основного перевода