Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ша ницкъ а болуш дІахІоьттича, Іузи-ЯхІун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хІунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цІа чу, цу чохь хаза хьожа йогІу хІума ягорхьама. Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тІех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дІадаьккхира, цуьнан цІе яккхар дайира. Шен дийцар дІадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьІІера хьоькхучу мохо хІорд лестош гира суна. Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бІаьргашна юккъехь йолу йоккха маІа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву. И маІа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маІа тІеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дІахІуттур ю, амма, хІара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза. Ткъа и паччахь хилла дІахІоьттинчул тІаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агІор екъалур ю. ТІаккха цуьнан тІаьхьенийн кара гІур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хІокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.
Выбор основного перевода