Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Соьга Иза вистхуьлучу хенахь, суна чу Делан Са а деана, Цо со сайн когаш тІе ирахІоттийра. Къамел Деш Верг хезира суна. ТІаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Іада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тІехь Іуьллура со. Цу хенахь, сан дегІе зуз а доуьйтуш, сох цхьа куьг хьакхаделча, сан голаш тІе а, куьйгаш тІе а веаларахІоттийра со цу куьйго. Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тІаккха со, бага а гІаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхІоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гІора дІадаьккхина. ТІаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Іоьттина, со чІагІвира. Кипа а, цуьнан накъостий а чІогІа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Іийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира.
Выбор основного перевода