Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогІу адамийн кІантах тера цхьаъ гира суна. ТІекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тІевигира. ТІаккха доьалгІачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цІестан мІараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза. Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тІаккха со, бага а гІаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхІоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гІора дІадаьккхина. ТІаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Іоьттина, со чІагІвира. Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а. Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.
Выбор основного перевода