Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цІийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТІелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дІаяха гІерта и стаг». Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кІелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кІелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло. Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кІелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кІелхьардоккхур дацара». Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дІакъевлина. Со Далла хьалха цІена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина». Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цІена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, Хьайн хьехам цІена хилийта, тІехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагІа, юьхьІаьржачу а хІоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хІума доцуш витархьама.
Выбор основного перевода