Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гІан, тІаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьІна». Цу элаша а, тхьамданаша а къайлаха барт бира паччахьна тІебаха. Шаьш паччахь волчу баьхкича, цуьнга иштта элира цара: «Дари-Ваша-паччахь! Вехийла хьо даим! Массо а элаша а, тхьамданаша а, мехкан дайша а, хьехамчаша а, коьртачу кхелахоша а, вовшашлахь барт бина хьоьгара паччахьан омра далийта, ткъе итт дийнахь хьоьга, паччахь воцучуьнга, цхьаьнгга а кхечу деле я адаме дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлла.
Выбор основного перевода