Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, тІаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, бакъбехьа уьш. Сан доІанаш дІахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цІийне ас куьйгаш ойучу хенахь. Суьйранна а, Іуьйранна а, делкъахенахь а со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву, ткъа Цунна сан аз дІахезар ду. Дуьйло, Далла хьалха охьатаьІар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахІуьттур вай. даим а доІанаш деш а хилалаш, массо а хІуманна Далла хастам а белаш, хІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.
Выбор основного перевода