Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Иштта Іийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хІоьттина хьалхара шо тІекхаччалц. Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Бел-Ташацар цІе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чІогІа хала а дара. ДуьхьалхІоьттинчу суьртехула Даниална дІахоуьйтура цу хааман маьІна.
Выбор основного перевода