Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хІума а дац. Нагахь санна хІинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дІахІоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Іибадат ца дахь, цу сохьта цІиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТІаккха муьлхачу дала кІелхьардохур ду шу сан куьйгах?» Нагахь санна тхо цІийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Іибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кІелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кІелхьардохур ду Цо тхо. Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. Стигалахь а, лаьтта тІехь а тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойту, паргІат а воккху, кІелхьара а воккху Цо. Лоьмийн ницкъах Даниал ПаргІатваьккхинарг а Иза ву». Иза Делах тешна вара, тІаккха Дала кху баланах кІелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КІант ву!“» Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара.
Выбор основного перевода