Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХІамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьІІехь дІасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Іедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дІахІоттийна долу Іедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а. Амма ахь Бавел-махка тІехь гІуллакх дан хІоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а цІе йолу яхІудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дІахІоттийначу деших динчу суьртана Іибадат а ца до цара». Даниал паччахьна тІевалийра. Паччахьо, хаттар а деш, элира: «Хьо вуй сан дас, паччахьо, ЯхІуд-махкара балийна йийсарехь болчу яхІудхойх цхьаъ волу Даниал? Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтІахь хила деза тхо!
Выбор основного перевода