Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гІерташ ву“ – бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хІунда дугІу ахьа? Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! Цундела пачхьалкхана тІехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хІума а ца нислора. Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш? Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара. Тешар хиларна, пачхьалкхашна тІехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хІуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дІа а къовлуш,
Выбор основного перевода