Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгІачу Сиван-беттан ткъе кхоалгІа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц долчу бІе ткъе ворхІ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Іаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тІера элпашца а яздина дара. Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Іийсана муьтІахь а хилла, Цуьнан цІийца шу цІиндалийта. Делан дика а, синпаргІато а шорта хуьлда шуна!
Выбор основного перевода