Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іазап хьоьгучу хенахь Делан лаамехь болчарна Веза Эла чІагІо санна ву, Цуьнгара церан кІелхьарбовлар ду. Везачу Эло царна гІо а до, уьш лар а бо. Іесачарах Цо уьш паргІат а боху, царах Цо уьш кІелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела. ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хІумма а дан йиш йолуш вац». Массо а элаша а, тхьамданаша а, мехкан дайша а, хьехамчаша а, коьртачу кхелахоша а, вовшашлахь барт бина хьоьгара паччахьан омра далийта, ткъе итт дийнахь хьоьга, паччахь воцучуьнга, цхьаьнгга а кхечу деле я адаме дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлла. Орана тІе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Іибадат деш волчу хьан Деле кІелхьарваккхавеллий хьо?» ТІаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гІуллакх дечу а Делан малик деара суна тІе. Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.
Выбор основного перевода