Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Везачу Эло царна гІо а до, уьш лар а бо. Іесачарах Цо уьш паргІат а боху, царах Цо уьш кІелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела. Везачу Эло олу: «Со везарна кІелхьарвоккхур ву Ас иза, Іалашвийр ву Со ларарна. Шен дагахь дерг чІагІдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хІунда аьлча иза Хьох тешна Іаш ву. И шена хезча, паччахьна чІогІа халахеттера. Даниал кІелхьарваккха дагахь, малх бузале цунна чІогІа гІо дан гІоьртира иза. Цул тІаьхьа паччахь, шен цІийнан гІишло чу а вахана, юург а ца юуш, дІавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан. Тешар хиларна, пачхьалкхашна тІехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хІуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дІа а къовлуш,
Выбор основного перевода