Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
тІаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза». Дела сан гІоьнча ву. Везачу Эло дог чІагІдо сан. Сан мостагІаша дина зулам царна тІе юхадерзадехьа, Хьо тешаме хиларна, хІаллакбехьа уьш. Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тІе боккха горга тІулг охьакарчийта гІертачунна и тІулг цунна шена тІекерчар бу. ДогцІена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хІоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хІума доцучу нахе диканиг кхочур ду. Сахиллалц хьоьжуш Іийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьІахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхаччалц.
Выбор основного перевода