Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. Гунаш тІехь цара БаІална сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий, БаІална лерина долу дагоран сагІа санна, цІерца багорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю. Оцу меттехь Аса ЯхІуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагІийн туьре хІаллакбойтур бу, уьш байъа гІерташ болчеран кара Аса уьш дІалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дІахІуттур ду. Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагІийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кІелхьарваккхалур вац. Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХІара ду ЯхІудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тІера ворхІ мухІар дІадаккха а, иза дІаделла а».
Выбор основного перевода