Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. ГалІад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чІагІо ю, ЯхІуд-мохк – Сан паччахьаллин гІаж ю. ГалІад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чІагІо ю, ЯхІуд-мохк – Сан паччахьаллин гІаж ю. ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,
Выбор основного перевода