Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
сан сий а дац тишлуш, сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“. Сан куьйгаш Цо тІом бан а Іамадо, аса хІинца цІестан Іад дула а тарло. Даудан назма. Веза Эла сан Іу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа цо Везачу Элана чІагІо яр а, Якъубан Нуьцкъалчунна ваІда дар а: Везачу Элана меттиг суна караяллалц, Якъубан Нуьцкъалчунна хІусам хиллалц». Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тІе тІулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тІулг бу, ткъа иза соне буьхана дІахІоттийна бу. Цунах тешна Іаш верг ведда дІаваха везаш вац. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина». Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.
Выбор основного перевода