Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кІант а вира. Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХІинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кІентан цІе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду). Ашархойх лаьцна элира: «Уьш кІенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу. И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла. Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара. Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ». ПхоьалгІа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира.
Выбор основного перевода