Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сан доІанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кІант велла». Цо кІентан цІе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). Данахойх лаьцна элира: «Данан тайпа – къона лом ду, Башан-махкара дедда догІу». Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. Данан тІаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорІера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гІой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цІа чохь буьйса яьккхира.
Выбор основного перевода