Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен са дІадалале Рахьала кІентан цІе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кІант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кІант» бохург ду). Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тІехь и тайпа Іуьллуш а ду». ГебаІ-гІалара ара а бевлла, бен-яманхоша цу дийнахь ткъе шиъ эзар исраилхо, вийна, лаьтта охьавиллира. Бен-яманхойн эскаро, юха а ГебаІ-гІалара ара а даьлла, исраилхойн берхІитта эзар тур лелош волу тІемало, вийна, охьавиллира.
Выбор основного перевода