Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цІе тоьхна мах дІабелира ИбрахІима. Цо делларг диъ бІе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара). Иштта Іепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта. ИбрахІиман дола делира латта а, цу тІера хьех а, дитташ а. ИбрахІиман а, Іепронан а хиллачу механ тешаш хилира гІалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой. Цул тІаьхьа ИбрахІима шен зуда Сарат оцу лаьтта тІехь йолчу хьеха чохь дІайоьллира. И меттиг КанаІан-махкахь йолчу Мамарина (хІинца Хьеврон) гена йоццуш яра. ИбрахІима хьетахошкара латта а, цу тІера хьех а эцна, цунах нах дІабухку меттиг йира.
Выбор основного перевода