Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІачу кІентан цІе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со». Юсупхойх лаьцна иштта элира: «Везачу Эло декъалдойла церан латта стигалара охьадогІу совгІат долчу тхица, лаьтта бухара хьаладолучу хишца, малхо кхиийначех тоьллачуьнца, хІора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца, ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца, даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгІаташца, лаьтто лучу совгІаташца, и латта дузуш долчуьнца. Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тІехь, вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела. Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маІаш гомашан маІаш санна ю. И маІаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тІемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».
Выбор основного перевода