Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кІант вира цо. Цуьнан цІе цо ШимІа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кІант велла». Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кІант вира Леас. Цо цуьнан цІе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХІинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кІант ма вина цунна». Рахьалан ялхочо Балхьата бина кІентий: Дан а, Наптал а. Леин ялхочо Залпаа бина кІентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. Кхиръят-АрбаІ (хІинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цІе йолчу меттехь Іачу шен дена Исхьакхана тІевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тІевеана Іийнера ИбрахІим а, Исхьакх а. Исхьакхан бІе дезткъа шо дара. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дІакхийтира Исхьакх. Цуьнан кІенташа Іесава а, Якъуба а дІавоьллира иза. Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тІулг левихошна дІабелла, Хьан Урим-тІулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера. Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Іалаш а бина. Цара Хьан тІедехкинарш Якъубан тІаьхьенна Іамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Іамабо. Хаза хьожа йогІу хІума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагІа доккхучу кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш доху. Веза Эла, декъалбехьа церан бахам, ткъа цара мел дечунна реза хилахьа. Царна дуьхьал гІовттучарна а, уьш ца безачарна а уьш цкъа а хьала ца гІовттал чІогІа тохахьа».
Выбор основного перевода