Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дала тамашийна похІма делла суна, – бохура Леас. – ХІинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хІунда аьлча ас ялх кІант вина цунна». Цо кІентан цІе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тІехь, иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь. Цара шайн халкъ лам тІе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагІанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хІорда чуьра, хІордан йистошкахь йолчу гІамарна тІера». КхоалгІа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гІалина тІекхаччалц дІадоьдура. Юха, малхбузехьа МарІалана тІе а доьдий, цигара дІадахча, Дабешетах дІа а кхетий, тІаккха ЯкхнаІамна уллорачу хина тІе кхочура иза.
Выбор основного перевода