Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхачам боллуш догІанаш дохкуьйтийла хьан латта токхе хилийта, хьуна алссам ялта а, керла чагІар а хилийта. Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш. Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Якъуба элира: «Сан деден ИбрахІиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тІе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“. Цул тІаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гІур ду. Халачу дийнахь сан доІина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь». Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тІехь, иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.
Выбор основного перевода