Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІа кхаж ШимІин тайпанна белира. ЯхІудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош. ЯхІудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимІин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимІин тайпанах болчеран латта. Левихойн тІаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиІазарна а, Нунин кІантана ЮшаІна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тІе. КанаІан-махкахь йолчу Шилун-гІалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тІедиллина, тхуна чохь Іан гІаланаш а, даьхни лело цу гІаланашна уллора аренаш а ло аьлла». Везачу Эло тІе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гІаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. Хьалхара кхаж КхахІатан тІаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхІудан а, ШимІин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхІаронан кІенташна, кхойтта гІала елира. Кхаж баларца КхахІатан кхечу тІаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гІала кхечира. ГІиршанан тІаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цІе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гІала кхечира кхаж баларца. Мерарин тІаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гІала кхечира. Везачу Эло Мусагахула шайна тІе-ма-диллара, и гІаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дІаелира исраилхоша. ЯхІудан а, ШимІин а тайпанаша левихошна еллачу гІаланийн цІераш иштта яра: КхахІатан тІаьхьенах болчу АхІаронан кІенташна а, Левин кІенташна а, царна кхаж хьалха баларна, Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). Цу гІалина уллора аре а, ярташ а Епунин кІантана Килабана елира. Иштта динан ден АхІаронан кІенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гІала – Хьеврон а, гІала Либна а, цу шина гІалина уллора аренаш а. Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гІала а, шен аренашца ЭштамуІ-гІала а, Хьулон-гІала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гІала а, цуьнан аренаш а, Іейн-гІала а, цуьнан аренаш а, ЮтІа-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гІала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гІала яра. Бен-Яманан тайпано елира гІаланаш: ГавІон а, цуьнан аренаш а, ГибаІ а, цуьнан аренаш а, Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. АхІаронан тІаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонахара аренаш а яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гІаланаш. Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна. Кхибцайм-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гІала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гІала яра уьш. Данан тайпано елира гІаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елларг. Маннашан ах тайпано елира гІаланаш: ТаІнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гІала яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гІала а, церан аренаш а яра. ГІиршанан тІаьхьенах болчу левихошна елира хІара гІаланаш: Маннашан ах тІаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гІала а, цуьнан аренаш а. И гІала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаІаш-Тара-гІала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гІала. Иссарханан тайпано елира гІаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. Ярмут а, цуьнан аренаш а, Іейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала елира цара. Ашаран тайпано елира гІаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Іабдани а, цуьнан аренаш а. Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елла. Напталан тайпано елира гІаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гІала елира цара. ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонах йолу аренаш а яра. Мерарин тІаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гІаланаш. Забулан тайпано дІакъастийра: ЯкхнаІам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, Димна а, цуьнан аренаш а, НахІлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала. Раабанан тайпано елира Бацар-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯхІац-гІала а, цуьнан аренаш а, Кхадимут-гІала а, цуьнан аренаш а, МейпаІат-гІала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Гадин тайпанах болчу наха елира гІаланаш: ГалІад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дІаловчкъу Рамат-гІала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. Кхин а елира Хьешбон-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯІзир-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Кхаж тасарца Мерарин тІаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гІала яра. Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархІ гІала а, царна гонахара аренаш а яра. Цу гІаланашна гонах аренаш яра, хІора гІалин шен латта а долуш. Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаІрайм а гІаланашкахь а бехира уьш. И гІаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц. уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара. Церан тІаьхье чІогІа дебнера. Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогІина а тІекхаччалц дІабаханера уьш. Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кІеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера. ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун заманахь, и цІераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маІунхошна а тІелеттера. Цара уьш берриш а хІаллакбина. Таханлерчу денна тІекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хІунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь. Ткъа царна юкъара ШимІин тІаьхьенах хилла волу пхи бІе стаг СеІир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхІу, НаІар-ЯхІу, Рапи-ЯхІу, Іузиал. Уьш Ишхьин тІаьхьенах хилла. Цигахь дийна бисина болу Іамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
Выбор основного перевода